Туьйранаш
Ганс Христиан Андерсен
ОЛЕ ЛУКОЙЕ
Перевод Тамары Чагаевой
Дерриге а дуьненахь кхин хир вац Оле Лукойе санна дукха дийцарш хууш а, уьш хаза дуьйцуш а волу стаг.
ЭхI, ма хаза дийца а хаьа-кх цунна! Сарахь, бераш стоьлан йистехь я
шайн кегийрачу гIенташ тIехь Iаш долчу хенахь,
вогIу Оле Лукойе. ГIартата доцуш хьалаволу иза ламеш тIехула, хIунда аьлча, кога мачаш
ца юхуш, пазаташца лелаш хуьлу иза.
Цхьа а тайпа тата доцуш схьайоьллу
цо неI, тIаккха берийн бIаьргаш чу мерзачу шурин кегийра дарц туху цо.
Берашка бIаьрг беллалур боцуш а,
хIара бIаьрга гур воцуш а хуьлу и дарц. Тебаш, тIехьахула тIе а вогIий, кIесаркIаг чу меллаша хIуп олу цо берашна, тIаккха церан кортош, даш санна,
набарна дазло. Амма цо иза лазош ца до, хIунда аьлча, берашна диканиг лууш ву Оле
Лукойе. Цунна лууш дерг берийн сатер ду, ткъа берийн уггар а дика
сатоь уьш шайн дуьйшучу меттахь хилча. ГIовгIанаш а ца еш, Iадда Iахка деза и
бераш, Оле Лукойега шен туьйранаш дийцийтархьама.
Хьалхара дийцар- ХIан, ладогIалахь, – элира Оле
Лукойес цхьана сарахь, шен жимачу метта Ялмар охьа а вижийна, – хьуна
туьйра дийца воллу со. ЦIа чохь кхабанаш чохь долчу зезагех даккхий
дитташ хилира. Церан деха гаьннаш тхов тIехула а, пенашца а
дIасадаьржира. Сийначу гаьннех а, зезагех а дуьйцина дича санна, хаза
кечделла дIахIоьттира цIа. Массо а гаьннаш тIехь зезагаш девлира, хIора
зезаг а роза-зезагал а исбаьхьа дара, чIогIа хаза хьожа йогIуш а дара. И
зезаг бага доьллича мазал а мерза дара.Деши санна, къегаш бара стоьмаш,
кемсех дуьзна дазделлера гаьннаш, – дийцалур а доцуш тамашийна хаза
дара цу чохь.
ЦIаьххьана, Ялмаран дешаран кинишканаш Iохкучу стоьлан яьшки чуьра, хьенан ду а ца хууш, цхьа аз схьахезира, арз деш.
- ХIара хIун ду те? – аьлла, тIеваханчу Оле Лукойес стоьлан яьшка схьайиллира.
Дешархоша шена тIехь яздеш йолу грифелан* экъа хиллера иза. Цу тIехь
арифметикин задачаш еш харцахьа яздина терахь хиларна, цIийзаш,
етталуш
цхьа хIума яра цу чохь. Терахьаш, охьаэга кеч а делла, лаьтташ дара. Шен
тIийриг тIехь кхийсалуш, етталуш яра грифель, зIенах дIатесна жIаьла
санна. ГIалат нисдан лаьара цунна, амма иза муха нисдан деза ца хаьара. Цул
сов, арз деш Ялмаран тетрадь а дара: къина воьлхур вара цуьнга
ладоьгIнарг.
Цуьнан хIора агIонна тIехь лаьтташ даккхий элпаш дара,
царна уллохь дехкина кегий элпага а дара. Уьш массо а моггIара
дIахIиттина лаьтташ дара.
Царна тIе а хьоьжуш, яздан Iама дехкина элпага
дара уьш. Царна уллохь лаьтташ кхин элпаш а дара. Гайта дехкинарга
санна, шаьш а ду моьттура царна,
хIунда аьлча, хIорш Ялмара дехкина
дара. Амма къоламца хьаькхначу сизашна тIехь гораоьхуш дара уьш, гааьга
нийсса латта дезаш доллушехь.
- Хьовсал, иштта латта дезаш дуй шу-м, – бохура цаьрга гайта дехкинчу элпаша. – КIеззиг цхьана агIор а таIий латта.
- Тхо-м хаза а хеташ нийсса дIахIуьттур ма дара, тхаьш хIитталахьара,
– бохура
Ялмаран элпаша, – ца хIиттало-кх тхо, боьха дай тхо-м!
- ТIаккха молха малор ду-кх шуна, – элира Оле Лукойес.
- Ма маладе, ма маладе! – аьлла, шайга хьаьжча милла а воккхавер волуга, нийса дIахIиттира уыш.
- ХIай-хIай!-аьлла,тохавелираОлеЛукойе.-БIо санна, Iамор ду ас хIорш хIинца. Цхьаъ шиъ… Цхьаъ, шиъ…
Элпашна нийса латта Iамо вуьйлира иза гайта яздина элп санна цхьа а
латталур доцчу тайпанара нийса а, къовладелла а,
тIахъаьлла а лаьтташ
дара уьш.Оле Лукойе дIаваханчул тIаьхьа Ялмар сама велира. ДIахьаьжначу кхунна
гира: хIара вижал шаьш
ма-хиллара, гоман-чIоман дара кхуьна: элпаш.
ШолгIа дийцар
ЭхI, ма чIогIа догIа доьлхур-кх арахь!
Набарха санна хезара Ялмарана иза доьлхуш.
Оле Лукойес кор
дIадиллича, коре хьалакхаччал хьаладаьлла дара хи.
Арахь лаьтташ дийнна
Iа бара, цIеношна хьалха лаьтташ сов башха кема дара.
- Тхоьца кеманахь лела ван лаьий хьуна, жима Ялмар? – аьлла, хаьттира
Оле Лукойес. -Буса, сахилале,
нехан мехкашка а хьаьвсина, Iуьйранна юха
а цIахь хир ду вай.ТIеюьйхина дезчу диинахь ша юхуш иолу бедар а йолуш,
цIеххьана
кеманна тIе нисвелира Ялмар. Де а сов хаза деанера. Цу кеманахь
урамашкахула дIабахара хIорш, тIаккха боккхачу хIорда тIе кхечира.
Шайн бIаьргашна латта ца гучу гена бевллера хIорш. ТIаккха
чIерийлоьцургийн боккха бIо гира кхарна. Уьш а яра шайн цIера дIа бовхачу мехкашка йоьлхуш.
Вовшашна тIаьхь-тIаьхьа а хIиттина, дIайоьлхуш
ярачIерийлоьцургаш.Дукха хан яра уьш новкъахь йолу. ТIемаша халла бен хIаваэхь латта а
ца еш, чIогIа гIелъелла яра царах
цхьаъ: бIона юккъехь уггар
тIаьхьайисна йоьдуш яра иза. Дукха хан ялале шен накъостел дикка
тIаьхьайисира иза. ТIаккха, тIемаш шор а дина, тIеттIа лахайолуш, охьаян
йолаелира иза. Кхин а маситтаза тIемаш туьйхира цо, амма цунах гIуллакх
ца хилира. ТIаккха, ирахъяхана лаьттачу тIеман мачтех когаш хьакхабелира цуьнан.Цул тIаьхьа кеманан гатанца
шершшина еана, кхарна юккъе охьаюьйжира
иза.Матрос волчу цхьана жимчу стага хьала а эцна, яьхьна, цхьана бун чу
охьахаийра иза. Цу чохь котамаш а,
бедаш а, москалш а яра. Царна юккъе а
хIоьттина, гIийла лаьтташ яра и миска чIерийлоьцург.
- ДIахьовсийша, и муха ю! – элира котамаша, ца ешаш.
Цхьа кура юса а елла: «ХIара мила ю?» -аьлла, хаьттира москалан боргIало. Юханехьа а оьхуш: «Вакъ! вакъ!» – бохура бедаша.
ТIаккха йовхонан тов хьийзо Африкех а, цигара гуттар а хьалха хиллачу
заманашкахь баьхна хиллачу пирIунех а, тIулгех доьттина дина, сов
даккхийра кешнех-пирамидех а, цигахь,
малхо яхчийначу есачу
аренашкахула, акха говраш санна, маса уьдуш лелаш долу страус-олхазарех а
лаьцна дийца йолаелира чIерийлоьцург.
Амма кхо дуьйцучух ца кхетара бедаш, вовшашка, «вакъ! вакъ!» а бохуш, цара элира:
- Схьадуьйла, сонта ю алий, сацам бей вай кхунах лаьцна?
- Шеко йоццуш сонта ю иза, – аьлла, дIахадийра москалан боргIало. ТIаккха, «чIов-чIов-чIов!» – аьлла, лен Iанаяхара иза.
Луьйчуьра сецира чIерийлоьцург. Африкех лаьцна ойла ян йолаелира иза.
- Ма безамехь деха когаш а ду-кх хьан, хIун доьху ахьа церан аьршанах? – хаьттира москалан боргIало.
- Ваххьа-хьа! – бохуш, йоьлура бедаш. Амма цара дуьйцург шена ца хеза сурт хIоттийра чIерийлоьцурго.
- Хьо а елаяла мегар дара кхунах-м, – элира цуьнга москалан боргIало,
– сов хаза аьлла дош дара хьуна иза. Делахь а, ахьа-м тоам ца беш хила а
мега цунах!
- КIакI, кIакI! – аьлла, ека йолаелира котамаш.
- Вакъ! Вакъ! – бохуш, дIахIоьттира бедаш а. Сов хаза аьлла ду
моьттура царна и дешнаш. ТIаккха Ялмара, буьнан берте а вахана, неI дIа а
йиллина,
схьакхайкхира чIерийлоьцурге. Цу чуьра ара а иккхина, кхунна
тIееара иза. Са а даьIна, меттаеанераизахIинца. КортаатеIош, цо, шена
баркалла бохуш санна,
хийтира Ялмарна. Цул тIаьхьа, шен шуьйра ши тIам а баржийна, стигала хьала а яьлла, бовхачу мехкашка дIаяхара чIерийлоьцург.
Котамаш екара, бедаша «вакъ! вакъ!» бохура, москалан боргIал-м, дукха дог даьттIа, цIаста санна, цIийеллера.
- Кхана чорпа йийр ю оха шух, – элира цаьрга Ялмара. Иза оллушехь, шен маьнги тIехь сама а велира иза.
Сов синкъераме, хаза некъ байтира цуьнга цу буса Оле Лукойес.
* Грифелан (грифель): тIехь яздеш долу у. Источник: www.gakish.com
|